Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера. Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву». Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга. Ла а догІа, Якъубан цІийне дІахьедар а де», – боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло. Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода