Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дІагІоьртуьйту. Иза дина а ца Іаш, шу бехке цахилар шуна дІахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргІаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чІогІа шу тІедирзина а, царна таІзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хІуманна тІехь шаьш цІена хилар гайти аша.
Выбор основного перевода