Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хІоранга а бІаьрхица дІахьедина хилар дагахь латтаде. Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хІинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кІеззиг йолчу ханна бен ца дина дела. Сан хІинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тІедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна. Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гІайгІа бо шуна дІаделладалийтархьама яздинера.
Выбор основного перевода