Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тІехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцІена а, хІумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара. Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гІуллакхаш. Нах Іеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дІаделларна, Далла хьалха хІора адаман эхь-бехкана оха дІагойту тхаьш муьлш ду. Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин! Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна. Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хІаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза.
Выбор основного перевода