Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Юха а баьхкина, Іийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неІ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дІакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неІ дІайиллина ю суна. Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хІуттуш делахь, иза валаран некъа тІехь болчарна ду иштта. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.
Выбор основного перевода