Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Дала леррина Къобалвинарг вай дІакхайкхаво, хІора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Іама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дІахІотторхьама.
Выбор основного перевода