Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогІуш, юха а шун дог дохош ца ван. Аса боккхачу дегалазамца, дегаІаткъамца, дуккха а долу сайн бІаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тІех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза. Со шозлагІа веанчу хенахь, аса дІахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хІинца, со шу долчу дІавале, ас кхин цкъа а дІахоуьйту цаьрга: со юха дІавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса. Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
Выбор основного перевода