Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХьалагІатта когаш тІе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гІуллакх кхочушдархо а вина, дІахІотто. Айса дозалла дан дезахь, сайн гІорасиза хиларх дозалла дийр ду аса. Делера долу даккхий дІаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегІах цхьа кІохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера! ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира. Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама.
Выбор основного перевода