Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Со вен там бу. Ткъа сан валар чагІаран сагІанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гІуллакхдаран сагІина тІе Іанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю. Иштта тхо шух дІаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Іаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дІадала лиира тхуна. Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хІара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула луш долу кІелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.
Выбор основного перевода