Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цунах даккхийдийна а ца Іаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла. Мелхо а, массо а агІор Далла гІуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш. Сайна цхьа хІума оьшу дела, ца боху аса иза. ХІунда аьлча сайна хІуъа а тІедеача а, со Іемина ву сайн долчух тоам а беш Іен. Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хІума лан хаьа. Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.
Выбор основного перевода