Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Стеган хІусам а, бахам а – дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю. Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хІара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хІораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш. амма, аса массарна а, массо а хІуманна тІехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кІелхьарбовлийтархьама. Со кхозлагІа а вогІу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац».
Выбор основного перевода