Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агІор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. Ткъа сан совгІат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дІакхайкхабарна дуьхьал хІумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гІуллакх тІехь сайна йогІуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса. Хаза кхаъ айса шуна дІакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хІуманна тІехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХІунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хІуманна тІехь шуна сайх бала ца бан гІиртира со, хІинца чул тІаьхьа гІертар а ву.
Выбор основного перевода