Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хІуманна тІехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тІера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а. Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац. Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дІадоккхур ду. Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогІуш, юха а шун дог дохош ца ван. ХІунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара? Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. Аса боккхачу дегалазамца, дегаІаткъамца, дуккха а долу сайн бІаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тІех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза. Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тІех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тІех йолу майралла гайта ваьхьар ву со. Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар,
Выбор основного перевода