Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Хьо къобал ца вечу халкъашна тІе хьажаехьа Хьайн оьгІазалла, Хьуна Іамал ца ечу пачхьалкхашна тІе хьажаехьа Хьайн дералла. массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чІогІачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дІакхоллучу цІерца а гІо дийр ду хьуна. Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Іесаллина а, харцдолчунна а тІе стигалшкара Делан оьгІазло гучуйоккхуш ю. Иза иштта ду, хІунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела. ХІетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара. Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама. хІунда аьлча «вайн Дела массо а хІума дІахьулъеш йолу цІе ю». Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?! ТІаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тІе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тІом бан. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода