Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахІитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тІех а даьлла. Цу тайпана аша юьхьІаьржачу ца хІоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тІехь. Мелхо а, массо а хІуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили. Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву. Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода