Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Хаставе Веза Эла малхбалехь, хІордан йистехь долчу латтанаш тІехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цІе. Везачу Элан даше ладогІа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цІе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дІалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тІаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна, стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Іийсан цІе лоруш, гора а хІиттина, суждане бахийтархьама а, Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Іийса Веза Эла хиларх лаьцна хІора адаман матте тоьшалла дайтархьама а. Ткъа хьо, сан кІант, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама. Вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тІейогІу йолчу ерриге хенахь а. Амин.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода