Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
цІеххьана цхьаъ лаца йинчу кІелоно санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тІекхочур ду и де. Гуттар а сема хила, доІанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КІантана хьалха хІитта кийча хилархьама». Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Цхьана а хІуманна тІехь мостагІех ма кхера: иза уьш хІаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кІелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кІелхьардовлар Делера хир ду. Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хІиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама. Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тІаьхьа, шу, чІогІа баланаш а лайна, чекхдевлира. ЦкъаццІа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дІахІиттош хилла. ЦкъаццІа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода