Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Ахь сан доттагІашка а со витийтина, царна хьалха маьттаза вина дІахІоттийна Ахьа со. Со чохь Іаш ву, аравала йиш а яц сан. Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг, Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса». «Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла. Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра, Царах хІораннан а гІуллакх къематдийнахь гучудер ду, хІунда аьлча цу дийнан цІеро и гІуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу. Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догІур ду. Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чІагІдархьама. ТІаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Іийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогІучу хенахь. Амин.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода