Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Рим-гІалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. ХІара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кІант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна. Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Іийсана муьтІахь а хилла, Цуьнан цІийца шу цІиндалийта. Делан дика а, синпаргІато а шорта хуьлда шуна!
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода