Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. ХІунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КІант, Дала леррина къобалвина Іийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІан» олуш. Цуьнгахула Делан «хІаъ» хилла дІахІоьттира. ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешачийн Тассалник-гІалара тобане. Делан дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. Тхайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тІера даим Далла хастам бо оха.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода