Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. БаІалан кІант – Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгІат-Пилнасара йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара.
Выбор основного перевода