Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯхІуашан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант ЯрбаІам. ЯрбаІама динчу массо а кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гІуллакхех а, яхІудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гІаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора. Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Іузи-ЯхІун кІант Йовтам.
Выбор основного перевода