Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян? Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“»
Выбор основного перевода