Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Мусас дІаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кІентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ІовгІин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тІехь йолу гІаланаш а, гІаланашна гонах долу латтанаш а. Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гІала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тІе кхаччалц болу ах ГалІад-мохк а бара цуьнан. Цул сов, ГалІад-мохк а, гешурхойн а, маІхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гІалина тІекхаччалц болу Башан-мохк а, Иштта Гадин тайпанах долчу хІора гаранна а латта делира Мусас.
Выбор основного перевода