Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». Асина а, яхІудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира. Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГІарар-гІала кхаччалц царна тІаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хІоттал дукха бара хушахойх хІаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхІудхоша шайна шортта хІонс яьккхира. ЯхІушапти шайна гича, гІудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхІушаптина тІелатархьама, цунна го бира. ЯхІушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гІо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора, Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Іарш Исраилан хастамаш тІехь лаьтташ ю. Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура.
Выбор основного перевода