Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Раабанан а, Гадин а тайпанна а, Маннашан ахтайпанна а юкъахь вара доьналла а долуш, карахь турссий, туррий а лелош, секхаІад кхосса а хууш, лата Іамийна а, тІом бан кийча волу а шовзткъе виъ эзар ворхІ бІе кхузткъа эскархо. Цара хІагирхошца а, Етарца а, Напушица а, Нудабца а тІом бира. Цара мостагІашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гІо дира. ХІагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хІума а оцу тІемалойн кара дахийтира, хІунда аьлча шаьш тІом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тІемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дІахезнера.
Выбор основного перевода