Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». Исраил цу меттехь Іаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дІавижира. Исраилна хиира иза. Якъубан шийтта кІант вара. Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кІелахь сан дай ИбрахІим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тІаьхьа хІоттийна лелла волу Дела, муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хІара бераш. Кхаьргахь дІахьойла сан а, сан дайн ИбрахІиман а, Исхьакхан а цІераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь». Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тІе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тІера Маннашан коьрта тІе дилла дагахь. Юсупа элира цуьнга: «ХІан-хІан, дада, хьалхарниг хІара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тІе дилла». Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кІант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тІаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду». Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цІерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, – бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хІоттийра цо. Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тІе юхадуьгур ду шу. Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Іодаца а баьккхина Шехем-мохк дІало ас хьуна». Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ, сан боьршаллин дуьххьарлера стом, уггар сийлахьверг а, ницкъберг а. Амма, кхехкаш тІехъоьху хи санна, сиха волу хьо кхин хир вац хьалхарниг, хІунда аьлча, дІа а вахана, хьайн да дІавуьжу мотт сийсазбина ахь. Сан метта дІавижна хьо.
Выбор основного перевода