40
Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тІехь, эмкалш тІехь, бІарзанаш тІехь, стерчаш тІехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагІар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хІунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.
ТІаккха АбигІала катоьхна ши бІе бепиг а, чохь чагІар долу ши пІаьлдиг а, кечбина болу пхи уьстагІ а, пхи сахь кхерзина кІен буьртигаш а, бІе курс кишмаш а, Іаьвдина инжирийн ши бІе курс а схьа а эцна, сихонца уьш варрашна тІеехкира.