Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ГадІанна тІе Везачу Элан Са доьссира. ГадІана, коьман маІа а лекхна, ша волчу Абу-Іезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Іамасаъ дІахІоттийнера. Іамасаъ Исраилара ИтІар цІе йолчу цхьана стеган кІант вара. ИтІаран нана АбигІал яра. Иза Нахьашан йоІ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра. ТІамехь тІемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цІераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кІант ЯшбаІам. ЯшбаІама цхьана тІеман къовсамехь кхо бІе стаг вийнера шен гоьмукъца. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“».
Выбор основного перевода