Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ПІелаштамхойн элийн эскар шайн бІе а, эзар а тІемало юкъахь волчу тобанашца цхьаьна богІуш бара, ткъа Дауд шен тІемалошций, Ахашций цхьаьна тІаьхьасецна вогІуш вара. ПІелаштамхойн элаша хоьттура: «Уьш хІун Іебархой бу?» Ахаша царна жоп делира: «Шуна ца хаьа, иза Исраилан паччахь волчу Шаулан лай волу Дауд вуй? Иза соьца волу цхьа шо сов зама ю. Иза со волчу веанчу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц суна цхьа а вон хІума ца даьлла цуьнгара». Цунна чІогІа реза боцуш хьаьвзира пІелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДІавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Іайта иза. Тхоьца тІамтІе а ма ваийта, цунах вайна мостагІа ма хилийта. ХІун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду. Халхарш дечу хенахь цунна-м ца лекхна те: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш йолу йиш?» Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чІагІо йо ас: хьо цІена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хІума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц. Амма пІелаштамхойн элашна хьо дика ца хета. Цундела, элий оьгІаз ца бахийта, маьрша юхаверза». Амма Дауда Ахаше элира: «Соьгара хІун даьлла? ХІун гина хьуна соьгара, со хьо волчу веанчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц? Со ваха мегар дац сан паччахь волчу олахочун мостагІашца тІом бан?» Ахаша Дауде жоп делира: «Теша мегар ду хьуна: сан бІаьргашна хьалха хьо цІена ву, Делан малик санна. Амма пІелаштамхойн элаша: „Вайца иза тІамтІе ма ваийта“, – аьлла.
Выбор основного перевода