Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера. Шеца ялх бІе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Іовраш йолчу кхечира. КІадбелларш цигахь севцира. Виъ бІе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дІавахара. Ткъа важа ши бІе стаг, шаьш чІогІа кІадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Іоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира.
Выбор основного перевода