Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кІант АхІуд вахийтира Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхІуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ІегІлонна совгІаташ эцна. Дерриг а эскарна юкъара ворхІ бІе стаг къаьсттина дика тІемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тІулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура. Бен-Яманан тІаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хІетталц Шаулан цІенна тешаме биснера);
Выбор основного перевода