Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Айхьа сагІа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тІаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хІун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна». Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дІабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира. ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. Шаулан цІийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхІудан а мехкашна тІехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, паччахьалла Дауде дІа а лур ду». Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цІий а ду. Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тІехь деш долу олалла Юшайн кІентан Даудан кара дІаделира Цо. ТІаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гІала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегІ а, цІий а ду. ТІаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дІакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара. Иштта Даудан тІемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тІехь долу паччахьалла чІагІдеш бара уьш.
Выбор основного перевода