Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Хьала а гІаьттина, Дауд, шеца волу ялх бІе стаг а эцна, Гати-гІалахь паччахь волу МаІухин кІант Ахаш волчу вахара. Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гІалахь ваха хиира, хІора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израІалхо йолу АхьнуІмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигІал а. Шауле, Дауд Гати-гІала ведда дІавахана аьлла, хабар дІакхечира, тІаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира. Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гІалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Іийр вара. Хьан лай хІунда Іан веза хьоьца нийсса паччахь Іачу гІалахь?» Ахаша цунна ЦакхелагІ олуш йолу гІала елира. Цундела ЦакхелагІ таханлера де тІекхаччалц а яхІудхойн паччахьийн карахь йисина.
Выбор основного перевода