Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доІа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХІара хІун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла. Цул тІаьхьа динан да волчу ЦІадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! Маьрша гІала юхаверза. Хьан кІант АхьимаІац а, Абу-ЯтІарин кІант ЯхІунатан а шуьца ву. Вукху дийнахь Іуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхІудан халкъе а дІахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тІера юхадовла, Аса шун дайшна тІедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дІабеллачу товрат-хьехамна тІехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». Шамъал-пайхамаро а, Къушин кІанта Шаула а, Неран кІанта Абунара а, Царуятан кІанта Йоаба а Везачу Элана лерина дІаделла массо хІума а Шалуматин а, цуьнан вежарийн а карахь дара. Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а. Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе.
Выбор основного перевода