Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хІуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дІахІоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура. Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза».
Выбор основного перевода