Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. ХІора старгІица цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кІен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама. Иштта хІора Іахарца дан деза кІен сагІина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархІ кад тоьлла кІен дама. Иза цІера тІехь даьккхина долу дагоран сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. ЧагІаран сагІина лерина цхьана старгІица цхьаьна аххІин чагІар а, коьмаца цхьаьна хІинан кхоалгІа дакъа чагІар а, цхьана Іахарца цхьаьна хІинан доьалгІа дакъа чагІар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагІа даккха деза шеран хІора бутт болалучу хенахь. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагІаран а сагІанел сов Везачу Элана лерина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша». Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дІавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цІа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. Амма Шамъала элира: «Со муха гІур ву цига? Шаулна иза дІахаахь, цо со вуьйр ву». Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагІа даккха веана эр ду ахьа. Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гІалахь сагІа доккхуш бу. Сан вашас соьга дІакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи». Везачу Элан цІе язъян лерина долу цІа цкъа хІинца а дина дІахІоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тІехь доккхура сагІа. Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хІинца Везачу Элана сагІа дар а, хаза хьожа йогІу хІума ягийтар а сагІа доккхучу гунаш тІехь дора. Иштта, шен ГавІон цІе йолчу гІала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагІа даккхархьама, сагІа даккхаран коьрта барз оцу гІалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагІа доккхучу кхерчан тІехь эзар дийнат дагоран сагІа доккхура Сулим-паччахьо.
Выбор основного перевода