Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГадІана жоп делира: «Хьалдолу Эла, муха доккхур дара те аса Исраилан халкъ кІелхьара? Маннашан тайпанна юкъахь сан доьзал уггар гІийла бу, ткъа со царна юкъахь уггар а жимах верг ву». Цу дийнахь верриг а вийнарг ткъе пхиъ эзар тур лелош волу тоьлла бен-яманхо вара. Ткъа исраилхой бен-яманхойн лаьтте юхабирзира. Цигара нах а, церан бежанаш а дойуш, шайн караеана йолу хІума а йохош, церан массо а гІаланаш ягош хІаллакйира. Исраилан халкъо къинхетам бира шайн вежарий болчу бен-яманхойх. Цара элира: «Тахана исраилхойн цхьа тайпа дайна лара мегар ду. ТІаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хІоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІотта? Декъалвелаш Дела тукхамийн гуламехь, вазвелаш Веза Эла, аша, Исраилан хІух долчара.
Выбор основного перевода