Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кІентий ахьа схьабеанчу некъа тІера галбевлла. Ахьа тхуна тІехь паччахь дІахІоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тІехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тІехь ма-дарра». Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гІой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа». Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дІа ца дийцира. ХІара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тІехь паччахь вина дІахІоттийна.
Выбор основного перевода