Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошка а хьаьжна, церан Іалашо ян лиира Далла. Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Іазапехь бахкор а гина. Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Кипа, дІа а хІоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТІаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамІа, хьо лоьхуш кхо стаг ву. Хьала а гІаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дІагІо, хІунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу».
Выбор основного перевода