Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан куьг царна тІедаьхьна ма-дара, уьш хІаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дІабаххалц. Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. ТІаккха цара, массо а пІелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тІорказ ша хиллачу дІадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хІаллакдале!» Іекхран-гІалара бахархой чІогІа кхерабелла хилла, хІунда аьлча церан дахар цу хенахь чІогІа эрчадаьлла хилла дела. Иштта дІатебина хилла пІелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тІелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тІехь мел ду, Везачу Эло пІелаштамхошна тІера Шен куьг дІадоккхуш ца хилла. Цо Шен мостагІий юхаберзийтира, царна тІе даима эхь а даийтира.
Выбор основного перевода