Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шен таІзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тІе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагІашна, гезаршна тІе даьІнаш долу луьра ун кхетар ду. Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тІорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагІонна а». ТІаккха цара, массо а пІелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тІорказ ша хиллачу дІадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хІаллакдале!» Іекхран-гІалара бахархой чІогІа кхерабелла хилла, хІунда аьлча церан дахар цу хенахь чІогІа эрчадаьлла хилла дела. ДегІана тІе яьлла йолу пхи дашо хІумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тІера а, шун делашна тІера а, шун лаьтта тІера а дІадаккха мега шуна. ХІунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тІехь дазделла лаьттара. Аьхкенан йокъа хІоьттинчу хенахь санна, бос а байна сан. Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бІаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДІа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дІавигийта цхьаъ лоьхуш.
Выбор основного перевода