Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. Цара, пІелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХІун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тІорказна?» Вукхара элира: «Вай и тІорказ Гати-гІала дІадахьа деза». Цара иза Гати-гІала дІадаьхьира. Иза цига дІа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чІогІа инзарбохуш, царна тІе доккха Іазап хІоьттира, массеран а дегІа тІе ирча хІуманаш евлира, воккха-жима ца къастош.
Выбор основного перевода