Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. Шун сагІа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогІу хІума яго меттигаш хІаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цІушна хьалха охьакхуьссур ду. Шу дехаш йолу массо а гІала яссийна хир ю, шун сагІа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагІа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цІуш кегбина а, хІаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогІу хІума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дІаяьккхина хир ю. Дерриге а цуьнан Іамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгІаташ цІергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цІуш бохабойтур бу. ЦІуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгІаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дІалур ду».
Выбор основного перевода