Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьІна а хилла. Шайн суьрташ кІелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХІинца уьш шаьш а йийсаре дІабахана бу! Шайн белшаш тІе а вуьллий, дІахьо цара цІу. Шен метта дІахІоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кІелхьар а ца воккху.
Выбор основного перевода