Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. ТІаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура. Цу заманчохь исраилхой пІелаштамхошна дуьхьал тІом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Іазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пІелаштамхой Апакх олучу гІалина уллохь севцина. Цул тІаьхьа Шамъала, тІулг схьа а эцна, иза МицІпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тІулган цІе Абани-Іазар тиллира цо (иза «гІо ден тІулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хІокху метте кхаччалц вайна гІо дина».
Выбор основного перевода