Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дІаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ – ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира. Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоІ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пІелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?» Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоІ суна хазахетта». Ткъа Везачу Эло суна доьхкийла Ша къобалвинчунна тІе куьг дахьар. Схьаэца цуьнан гІовлангахь болу гоьмукъ а, чохь хи долу кхаба а, вай хиллачу дІагІур ду вай». Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаІ олучу лам тІехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тІе таьІна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гІудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тІекхаьчна богІуш бара. ТІаккха, тІе а вахана, аса иза вийра, хІунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тІаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тІера хІоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла». ТІаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тІе куьг а даьхьна, иза вен?» Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гІалахь, Ашкхилунан урамашкахь дІа а ма кхайкхаделаш, пІелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта, сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта. Шена гІала дІалаьцнийла хиъча, паччахьан цІийнан чІагІйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тІаьхьа паччахьан цІийнах цІе а тесна, велира. Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». ПІелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагІонна доккха сагІа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла». ПІелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хІаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагІ вайн дала вайн кара схьавелла». ТІаккха Дауда, ведда тІе а вахана, цунна тІе ког а баьккхина, пІелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира. ПІелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дІабахара.
Выбор основного перевода