Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
ПІелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дІахІоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаІ-ломахь схьагулбелла дІахІиттира. Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаІ олучу лам тІехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тІе таьІна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гІудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тІекхаьчна богІуш бара. ГилбаІан лаьмнаш! Я тхи а, я догІа а ма дужийла шуна тІе! Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тІехь, хІунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь, Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу! Дауда, ваха а вахана, ГалІадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, пІелаштамхоша ГилбаІахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.)
Выбор основного перевода