Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. Дауда ГалІадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дІа а верзош, шу тешаме хиларна. ХІинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш. Ткъа хІинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хІунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхІудан тайпано шена тІехь паччахь хила къобалвина». Даудан гІалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дІавоьллира Аса. Хаза хьожа йогІучу хІуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тІе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цІе латийра. ТІаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цІа чуьра арадахархьама. ЦІа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?» Вукхо жоп лур ду: «Цхьа а ца висна». ХІокхо эр ду: «ГІовгІа ма е! Везачу Элан цІе яккха мегар дац».
Выбор основного перевода