Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Іамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалІадерчу Явеш-гІалина го бира. Массо а цу гІаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гІуллакх деш лелар ду». ТІаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тІе а дожош: шун хІораннан а аьтту бІаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьІаьржачу хІоттор ду ас». ТІаккха Явеш-гІаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхІ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьІІе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гІо ца дахь, тхо хьуна тІе догІур ду». Геланчаш Шаул Іаш волчу ГебаІ-гІала баьхкира. Цара шайна тІехІоьттинарг дерриг а халкъана дІадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира. Стерчашна тІаьхьа а хІоьттина, аренгара цІа вогІуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хІун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гІалара баьхкинчара деанарг дІадийцира. И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара. Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьІІе цу геланчашка дІасадахьийтира, массарна дІа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тІаьхьа ца хІиттинчеран стерчий», – аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чІогІа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дІахІоьттина, цунна тІе дахара. Шаула Безакх-гІалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бІе эзар стаг вара, ЯхІуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара. Цара геланчашка элира: «ГалІадерчу Явеш-гІалин бахархошка дІаала: „Кхана малх схьакхеттачул тІаьхьа царна гІо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дІаэлира. Уьш чІогІа гІадбахнера. Явеш-гІалин бахархоша Іамминхошка элира: «Тхо кхана дІадогІур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна». ШолгІачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Іуьйранна, сахилале, уьш Іамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тІекхачале цара уьш эша а бира. ТІаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дІасабевдира. Дауда, ваха а вахана, ГалІадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, пІелаштамхоша ГилбаІахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.)
Выбор основного перевода